Официальный сайт

ЛАРАМЕ УСТРАДА-ГlАЛИН БАХАРХОЙ!

13.02.2023

Карара шо, хууш ма-хиллара, вайн Мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен омрица «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаьккхина ду.

Цунна лерина хьалхара къовсам а бу цо дӀакхайкхийна - «НОХЧИЙН МЕТТАН ГОВЗАНЧА» ц1е йолуш.

Устрада-ГIалин дешаран департаменто оцу къовсаман йуккъехь дакъалаца кхойкху шуьга, хьомсара бахархой!

Къовсаман совгӀаталлин фонд 8 млн ₽ барамехь йу:🥇меттиг йаккхарна - 5 млн ₽;🥈меттиг йаккхарна - 2 млн ₽;🥉меттиг йаккхарна - 1 млн ₽.

Лехамаш а, дакъалацаран бехкамаш а хӀокху контакташца бевзар бу:➡️WhatsApp: +7(964)074-86-33;➡️Тилпон лоьмар: +7(8712)29-26-44.

Дакъалацаран косташ хӀокху адресца дӀатосур ду (20.01.2023 - 20.02.2023 шш.): govzancha95@mail.ru.