НОХЧИЙН МЕТТАН МЕХАЛА СЕМИНАР
12.07.2023Мангалан беттан 11-чу дийнахь Соьлжа-Г1алахь Нохчийн меттан институтехь д1айаьхьначу методически семинарехь дакъалецира Устрада-Г1аларчу хьехархоша.Цигахь йийцаре йира нохчийн меттан керла орфографически бакъонаш, дийцаре дира нохчийн мотт хьехаран лазаме долу хаттарш. Хьехархойн хаттаршна жоьпаш делира Нохчийн меттан институтан куьйгалхо волчу Овхадов Рукъманан Мусас.«Ишттачу семинараша ч1ог1а г1о до вайн округерчу хьехархошна шайн корматалла лакхайаккхарехь, къаьсттина кхушарахь мехала ду иза, хууш ма-хиллара Нохчийн Республикин Мехк-Дас 2023 шо Нохчийн меттан шо! - аьлла д1акхайкхина ду. Кхушарахь массо а дешаран хьукматашкахь д1ахьош тайп-тайпана мероприятеш йу, нохчийн меттан эвсаралла совйаккхар йу цу мероприятийн 1алашо. Даггара баркалла ала лаьа Нохчийн меттан институтана тхуна методически аг1ор г1о-накъосталла дарна», - аьлла т1етуьйхира Устрада-Г1алин дешаран Департаментан куьйгалхо волчу Усманов Рамзанан Сайдмохьмада!